Fairytales

Fairytales
Альбоман мужалт Рыбак Александр «Fairytales» (2009)
Студин альбом Рыбак Александр
Арахецаран терахь 2009 шеран 1 июнехь[1][2]
Йазйина терахь 2008—2009
Жанр
Йохалла 43:47
Продюсер
Эшарийн мотт Ингалсан мотт
Лейбл EMI (NOR, FIN, DEN, GER, AUT)
Universal (RUS, GRE, CYP)
Хронологи Рыбак Александр
Fairytales
(2009)
No Boundaries
(2010)

Fairytales (нох. Туьйранаш) — норвегин йишлакхархочун Москохан Евровизион 2009 къовсаман толамхочун Рыбак Александран дебютан студин альбом. Альбом арахецна 2009 шеран 1 июнехь Россехь а, Норвегехь а. Финляндехь, Германехь, Данехь, Австрехь альбом арайелира EMI лейблца. Россехь, Желтойчохь, Кипрехь альбом арахецна Universal лейблца. Дукхаха йолу альбом тӀера композицеш Рыбак Александра ша йазйина.

Оцу альбоман хьалхара сингл — йиш «Fairytale», цуо хьалхара меттиг йаьккхинера Москохара Евровизион 2009 эшарийн къовсамехь, рекорд хӀоттира 387 балл. Европин дукхаха болчу мехкаша оцу эшарна уггаре лакхара баллаш йелира.

ШолгӀа эшар йара «Funny Little World». Иза арахецна сингл тӀехь терхьан вариантехь 13 майхь, Рыбак Александр винчу дийнахь. Эшар норвегин чарташкахь гучуйаьлча, цхьана йишлакхархочун шина эшаро лакхара ши меттиг йаьккхина дуьххьара хилла меттиг йу.[3]

КхоалгӀа сингл — иза «Roll With the Wind» эшар йу. Радион ротаци а, терхьан йар а йолийра 2009 шеран 2 июнехь. Эшар йазйина ЭрикссонгӀара Мэртона а, Лизас а.

  1. Fairytales - Rybak Alexander Архивйина 2009-05-14 — Wayback Machine, CDON.eu
  2. Архивированная копия. ТӀекхочу дата: 2009 шеран 28 май. Архивйина 2009 шеран 31 майхь Universal Music Russia
  3. Dobbel-topp for Alexander. VG. ТӀекхочу дата: 2010 шеран 20 февраль. Кху чуьра архивйина оригиналан 2012 шеран 31 мартехь

From Wikipedia, the free encyclopedia · View on Wikipedia

Developed by Nelliwinne